• А
  • Б
  • В
  • Г
  • Д
  • Е
  • Ж
  • З
  • И
  • К
  • Л
  • М
  • Н
  • О
  • П
  • Р
  • С
  • Т
  • У
  • Ф
  • Х
  • Ц
  • Ч
  • Ш
  • Э
  • Ю
  • Я
  • A
  • B
  • C
  • D
  • E
  • F
  • G
  • H
  • I
  • J
  • K
  • L
  • M
  • N
  • O
  • P
  • Q
  • R
  • S
  • T
  • U
  • V
  • W
  • X
  • Y
  • Z
  • #
  • Текст песни Хатимун Вели Киши воI Хьажи - Арби Гермчера

    Просмотров: 10
    0 чел. считают текст песни верным
    0 чел. считают текст песни неверным
    Тут находится текст песни Хатимун Вели Киши воI Хьажи - Арби Гермчера, а также перевод, видео и клип.

    И Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи,
    лаьцна вигинчу дийнахь.
    Махкашлахь дIахезира,
    и майра кIентий шаьш кечбелира.
    - И Лечи хьалха баьрчехь ва волуш,
    и дашна маттана, говзу ву аьлла.
    - И Лечи хьалха баьрчехь ва волуш,
    и дашна маттана, говзу ву аьлла.

    ГондIа берш сихонца лебина,
    ва шаьш сиха вовшех ма кхийтира,
    Вай махкачура сийдолу кIентий,
    цу хьалхар-мартан ва ара.
    - Цара чIогIу чIагIо йира,
    шай цIента бух ца берза,
    И вай Хьажи шаьш ваккханза,
    цу мостагIийн карара.
    - Цара чIогIу чIагIо йира,
    шай цIента бух ца берза,
    И вай Хьажи шаьш ваккханза,
    цу мостагIийн карара.

    Дала шена беллачу ницкъанца,
    тIемашца лелаш долу олхазур даха ца луш,
    Цу Iаничу шийлачу чIогIучу дийнахь,
    ма йолху говраш лаьхкира цара,
    цу Iошкура ва арахь.
    - Эскаро го лаьцна,
    и вай Хьажи юккъехь ва волуш,
    бахана тIекхечира и майра ва кIентий.
    - Эскаро го лаьцна,
    и вай Хьажи юккъехь ва волуш,
    бахана тIекхечира и майра ва кIентий.

    Къамел сиха долийра цара,
    цу марзо Полковнике:
    - « Ва марзо Полковник,
    тIоьхула-чухула ши чо а дуьйхина,
    наьIара мача туьйдина, кхакхана куй тиллина,
    лаге дечига хьостам боьллина.
    Кху Iаничу шийличу чIогIучу дийнахь,
    хьоьги, хьан эскаре, хIара гIийли миски стаг шелла вайтар,
    хьена бехк бу-техьа».
    - «Шу шай нах ма бу-кха, хIара шен доьзулах ваьккхинарш,
    дин дохош махбина –ва зулам да ву аьлла.
    - «Шу шай нах ма бу-кха, хIара шен доьзулах ваьккхинарш,
    дин дохош махбина –ва зулам да ву аьлла.

    Кху Киши воIана Хьажина диттина меттинаш,
    ворхI паччахьийн стоьла тIе ма кхечира,
    паччахье гIопе ма кхечира.
    Адам Iийхийна тилийна ма вели,
    хIара миски стаг, шу шай наха ма боху.
    - И Билала ва молла, шун коьрте Iелам нах,
    куьйг яздина ма бойли, Хьажи шен махкаха дIаваккха.
    - И Билала ва молла, шун коьрте Iелам нах,
    куьйг яздина ма бойли, Хьажи шен доьзулух дIаваккха.

    Паччахьашна, паччахьалаш дела,
    Хьакимашна хьакималлаш делла,
    шу дузийна дарстийна дуьйхина дIахецна.
    ХIара дуьне шуна ма луъу, шуьга ловза дойтуш волу,
    бакъдериг бен ца лелачу дийнахь, вай лоцур долуш волу,
    И вай Вези волу Сийлахь волу Дела вар-кха ва марзо полковник.
    Хьуна гуш волчу, кху гIийлайчу мискано – хьехавериг.
    - ЛадугIуш хилахьа, хIокхула гIийли миски хир ма вац,
    хIара хIунда леци ахь – во, Зулам да ву аьлла.
    - ЛадугIуш хилахьа, хIокхула гIийли миски хир ма вац,
    хIара хIунда леци ахь – во, Зулам да ву аьлла.

    КIоргачу тоьли чохь чармат тIехь, шен туьхци межирг бууш,
    буьйсанна адамана новкъа воцчу хенахь, сахуьлунга вуьйлуш,
    шен гIийла Деле кхойкхуш воьлхуш,
    нахана доькъуш кхаьчначу, лаьтта тIера дIавийла гIерташ,
    хьанни хотешкахь вуьйлуш.
    Пепнийн орумашкахь хьажкийн буьртигаш туьйсуш,
    цу рицкъийца шен доьзал рицкъи кхачо ян гIерташ,
    хьуна ма-гарра, цхьа гIийли миски, вара хIара ма.
    - Цуьна дегIа тIехь ва боцу, жижгихи ва хьаса,
    хIара хIунда леци ахь – во, Зулам да ву аьлла.
    - Цуьна дегIа тIехь ва боцу, жижгихи ва хьаса,
    хIара хIунда леци ахь – во, Зулам да ву аьлла.

    - «Шуьги дийца хIума дац шен, шу шега бакълерна,
    юьхьIаьржи ма хоьтти-кха ша, шуна ва хьалха,
    ша биначу харц некъана аьлла,
    хIинца ша хIара дIахецчи, бехкаха валийтиша ша аьлла,
    тIевахана куьйгаш дIадаьстина,
    шен куьйгашци цуьна куьйгаш дохдеш,
    мара воьллина меле ледара хилла,
    ша воьлхуш цу марзо полковнико,
    и Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, маьрши ваьккхира.
    Хьажи маьрши ваьккхина, шайци цхьани ва волуш.
    - АлхьамдулиллахI, IолахI-IулиллахI бохучу доккхучу зикранца,
    и Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, шайци цхьани ва волуш,
    Дала а, Пайхамара а устаза шайна дика дина и майра кIенти, йоккхачу юьхь къомаца, шаьш цIехьа ма бирзи.

    Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, яра нана-дегIаста хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,

    Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, дада Киши Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,

    Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, баба Хеда, Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,

    Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, ваша Мовсар Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - Хьан дуьхьи велхи ша ма,

    Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, йиша Мата Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,

    Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, яра Нана-ДегIаста, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма.

    Ла́ Ила́хIа иллаллахIу – Тахана дуьненна, кхана догIур долчу, цу халачу къимата денна.
    И Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, ваийтарна – вовзийтарна - везийтарна – хьажийтарна - къобул вайтарна, оцунна тIаьхьа дазийтарна– Мухьаммадар-Росу́лулла́хI

    Khan duhhi velhi sha ma, khan duhhi velhi sha ma, baba Heda, Vezan Dela, khan duhhi velhi sha ma, vo - khan duhhi velhi sha ma,

    Hyan duhhi velhi sha ma, hyan duhhi velhi sha ma, your Movsar Vezan Dela, hyan duhhi velhi sha ma, in - Hyan duhhi velhi sha ma,

    Khan duhji velhi sha ma, khan duhhi velhi sha ma, yisha Mata Vezan Dela, khan duhhi velhi sha ma, vo - khan duhhi velhi sha ma,

    Khan duhhi velhi sha ma, khan duhhi velhi sha ma, yara Nana-DegIasta, khan duhhi velhi sha ma, vo - khan duhhi velhi sha ma.

    Lá IláhIa illallahIu - Tahana dunenna, khana dogIur dolchu, cu halachu kimata denna.
    I Hatimun Veli, Chisinau voI Khaji, vaijtarna - vovzijtarna - vezijtarna - hajijtarna - kaubul vaitarna, ocunna tIahja dazijtarna - Muhammadar-Rosulullah

    Опрос: Верный ли текст песни?
    ДаНет