| Текст песни Чеченские сказки - Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а Просмотров: 0 чел. считают текст песни верным 0 чел. считают текст песни неверным Тут находится текст песни Чеченские сказки - Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а, а также перевод, видео и клип. Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а
Цхьана юьртахь вехаш вара миска стаг. Цуьнан ц1ийнан нана а, к1ант а кхелхина хилла. Цу къехочун ч1ог1а тидаме а, г1иллакхе а, къахьега хьуьнаре а, оьзда а йо1 яра. Х1усам а, керт-аре а, чуьра йийбар а, кога юхург-т1еюхург а, пхьег1аш а, массо а х1ума ц1ена латтайора йо1а. Ч1ог1а хьекъал долуш яра иза. Мискачу стеган бахам жима бара. Цуьнан даьхни а, бажа а, рема а, жа а дацара. Бакъ ду, къехочун ворда а, цхьа говр а яра. Цхьана дийнахь генарчу юьрта ваха везаш г1уллакх хилла цуьнан. Иза шен цхъаъ бен йоцчу говрана нуьйр а тиллина, т1е а хиъна, новкъа велира. Иза гурахь дара. Къечу стага сарралц некъ бира. Маьрк1ажа бода х1оытина хан яра. Къехо а, цуьнан говр а ший к1адделлера. Некъана нац1къар а яькхкхина, ворда а сацийна, буьйса якхкха сецча, стаг гира цунна. Иза хиллера совдегар. Мискачу стага, т1е а вахана, салам делира. Иза йохка х1умнаш яхьаш вог1уш хиллера. Цо мискачу стаге аьлла, арахь 1арж а елла, буьйса яккха новкъхь сецна ша. Къехо а резахилла, буьйса йокхкхуш, цигахь саца. И шиъ, буьйсанна хан яллалц, къамелаш деш а 1ийна, шайна х1ума а кхаьллина, д1авижира. Мискачу стеган кхел, совдегаран ворданна юххе а яхана, д1айижина хиллера. Оцу кхело сахилале бекъа йина. Миска стаг 1уьйранна самавелира. Цунна гира шен кхело йина жима бекъа. Хазахеттачу къехочо, совдегар сама а ваькхкхина, цунна бекъа д1а а гойтуш, элира: — Хьажахьа, сан кхело сийсара бекъа йина! Совдегара, шен йуьхьа т1е куьг а хьокхуш, мекх схьа а лоцуш, мискачу стаге аьлла: — И бекъа кхело йина моьта хьуна?! — Ткъа стен йина и? Ца вешаш, вела а къежна, совдегаро жоп делла: — Эшахь, ас дуй а буур бу хьуна, и бекъа кхело ца йина, сан вордано йина, аьлла. Къоьвсира цу шимма. Совдегар къарвала туьгуш ца хилла. — Вордано еш хуьлу бекъа?! — аьлла, миска стаг цецваьлча, совдегаро, шек в воцуш, х1умма а бехк а ца хеташ, элира: — Хуьлу дера, вордано бекъа еш ма хуьлу1 И а ца хаьара хьуна?! Хьо ас бохучух ца тешахь, вайшиъ кхелахочун т1е гlyp ву. Цо хоуьйтур ду хьуна, со бакъ вуйла. Уьш кхелахо волчу бахара. Цо цу шинга ла а дуьйг1ира, т1аккха шен маж а шарйина, вела а къежна, элира: — Шух бакъ мила ву къасто атта дац. Х1ун дан деза аьлча, х1инца шуьшиъ ц1а гlo. Кхана 1уьйранна со волчу схьавола. Уггаре а ерстинарг а, уггаре а хазаниг а, уггаре а масаниг а ялош, ван веза. И ас бохург кхочушдинчуьнан хир ю бекъа. Къехо кхелахо волчуьра кхоьлина д1авахара. Уып шена мичара карор ю, и ша муха кхочушдийр ду, бохуш, сагатдора мискачу стага. Цундела иза сингаттаме ц1а кхечира. Хьекъал долчу йо1а шен дена хьалха юрг йиллира. Х1ума а кхаьллина, иза парг1атваьлча, йо1а цуьнга хаьттира: — Дада, хьо г1айг11ане х1унда ву? Х1ун хилла вайна, соьга х1ун гlo далур дара хьуна? Схьадийца, ас сайга далу накъосталла дийр ду хьуна. Дас йо1е дерриге а ма-дарра д1адийцира. Йо1, ойла а йина, елакъежира: — Дада, ахь цига х1умма а яхьа ца еза. Суна хаьа, хьуна муха гlo дан деза. Цо цунна, иза дика кхета а веш, дан дезарг а, ала дезарг а дерриге а д1адийцира. 1уьйранна миска стаг а, совдегар а кхелахо волчу д1акхечира. Къехо х1умма а йоцуш вахара, ткъа вукхо берстина Iaxap а, хаза йо1 а, маса дин а бигира. Iaxap, «б1аь» бохуш, 1оьхура, говро, ког а уьйуш, лаьттах берг еттара, йо1, ела и къежаш, самукъане лаьттара. И дерриге а гуш, самукъадаьлла волу совдегар, шен толам хир бу, бохуш, вела а къежаш, самукъане а, векхавелла а вара. Совдерагна резахиллачу кхелахочо цуьнга а хьожий, корта та1абора. Мискачу стагехьа а воьрзий, цо хотту: — Къен стаг, ахь х1ун еана? Къехочо аьлла: — Кхелахо, ас х1умма а ца еъна. Уггаре а ерстинарг ас муха яхьар яра, иза массо а тайпа стом а, ялта а, рицкъа а луш, йог1уш йолу токхе гуьйре хилча. Гуьйре х1инца йолуш ю-кх хьуна. Ахь цунах тоам бан а беза-кх. Уггаре а хазаниг ас муха яхьар яра, иза массо a aгlop тоелла, хазъелла йог1у б1аьсте хилча! Уггаре а масаниг ас муха яхьар яра, шина б1аьрго схьалоьцучу аренна шина б1аьргал маса а, кхин якхкхий аренаш юкъалоцуш хилча, ойланал маса а х1ума ца хилча! Х1ума ган б1аьргаш а, х1уманах кхета ян ойла йолуш, хьо-хьо а ву. Цунах кхачам бан а беза. Кхелахо кхоьлина д1ах1оьттира. Шен можах ка етташ, цо, къехочуьнга а хьоьжуш, ойла йора: «Мискачу стага говза эли. Цо аьлла хьекъале дош къобал ца дича-м, суна 1овдал ву ала а тарло». Резавоцуш, дагна цатам а болуш, кхелахочо элира: — Миска стаг, ахь делла жоп нийса ду. Бакъ ду, суна хетарехь, ахь и хьайн хьекъалца ца аьлла. Хьуна и цхьамма хьехна. И хьан хьехна хьуна? Дагахь йилбазалла доцчу къехочо, шена и йо1а хьехна, аьлла. — Ахь вай дийцинарг дохийна. Ахь арахьара гlo лехна, цундела и хир дац. Ахь бекъа д1аоьцур яц, кхин а цхьа г1уллакх кхочуш ца дича. Хьайн йо1е ала, ша волчу йола: новкъа а ма йола, нацкъар а ма йола, карахь х1ума йолуш а ма йола, йоцуш а ма йола, — аьлла совдегаро. Миска стаг, г1айг1ане воьжна, д1авахара. Цо ойла йора: «Х1ун дан деза? Новкъа а, нац1къар а йоцуш, карахь х1ума йолуш а, йоцуш а, муха яха еза иза?». Къехо ц1а кхечира. Йо1а дега хаытира: — Дада, хьо х1инца а г1айг1ане х1унда ву? Бекъа схьа ца ели хьуна? Дас йо1е кхелахочо бохург ма-дарра д1адийцира. Йо1а цу г1уллакхан дика ойла йира. Цул т1аьхьа йо1а дега хаза, эс - Khelaho, Ace H1umboma A Central Asian Evan. Uggarea and Erstinarg Az Fly Muga Yahahar Yara, Iza Massa and Taipa Stom A, Yalta A, Ritzka A Lush, Yog1us Yolu Tokhe Guyre Hilch. Guyra H1inz Jolush Yu-Kh Hyun. Ahy Tsuna Tam Ban and Bez-Kh. Uggarea and Khazanig Az Fly Yahahar Yara, Iz Mass A Glop Tella, Hazailla yog1u b1aista Hilch! Uggarea and Masanig Az Fly Yahahar Yara, Tire B1Argro Skillytseum Tire isna B1Arral Masa A, Khin Yakhkhiy Arenas Yukoaltsush Hilch, Owanal Masa and H1U Masa Hilch! H1UM GAN B1Arrgash A, H1human Khet Yang Oil Jolush, Hyo-Hyo and Wu. Tsununi Kham Ban A Bee. Khelaho Khlilina D1akh1Ttrat. Shen Mozhach Ka Ettash, Tso, Köhokunga and Hyojus, Oil Yora: "Miscach Stag Govz Eli. Tso Ayll Hyekhal Doshokal Tscha Dicha-M, Suna 1Od Wu Ala and Tarlo. " Reserved, Dagna Zateam and Bolosh, Khelahochio ELIRA: - Bowl Stog, Ah, della's ass Nice Du. Baku Du, Suna Hetarch, Ah, and Hyaine Hyekalets Central Asulla. Hyun and Tsxamma Hyhene. And Hyan Hyhene Hyun? Daghai Yilbazalla Assocha Köhocheko, Shenie and Yo1a Hyhehn, Allah. - Ahh Wai Diycinarg Dahine. Ahh Arachyar Glo Legg, TsUDELOE and HIR DAC. Ahy Beck D1aoyzur Yats, Khin and Tsxa G1ulllakh Khochech Tschai. Hyain Yo1e Ala, Sha Wolf Yola: Novka A Ma Yola, Nationalar A Ma Yola, Karaha X1uma Jolush A Ma Yola, Yoatsush A Ma Yola, - Alla Sovggaro. Bowl Stog, G1yig1An, Virgo, D1Avahara. Tso Oil Yora: "H1UN Danid Dam? Novka A, Nats1karta and Yoatsush, Karaha H1UMA Yolush A, Yozush A, Muha Yoka Ezay Iza? " Khoo Ts1a Khishism. Yo1a Degas Hayttira: - Dada, Hyo H1inza and g1yig1an x1undu Wu? Beck schema ate Hyun? Das yo1e khelahocho bohurg ma-darra d1adicira. Yo1a Tsu G1ulllakhan Dick Oil Jira. Tsul T1Aya Yo1a Dega Haza, Es Опрос: Верный ли текст песни? ДаНет Вконтакте Facebook Мой мир Одноклассники Google+ | |